ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамашна тIехь ницкъ бар соцуш дац Шемахь



Кхо стаг лазийна Шеман коьртачу гIалахь Демашкъехь, чу молха а доьллина, машен эккхийтина. Иза динарг терроран тобанаш ю, аьлла, дIахьедар дина Iедалш. Шинарийн Iуьйранна ХIомс олучу гIалахь даккхийн герзаш диттина Iедалшна муьтIахь долчу эскарша.

Асад Башаран режимана дуьхьала гIаьттинчу оппозицин декъахошна а, Iедалан ницIкъашна а юкъахь тасадаларш хилла оппозицин коьрта ницкъаш дIатарбеллачу Идлиб олучу провинцехь а.

МаслаIат кхайкхийнехь а, адамашна тIехь ницкъ бар соцуш дац Шемахь. Адамийн бакъонаш ларярхоша дийцарехь, Оршот дийнахь цу махкахь вийна 60 сов стаг. Царах ах маьрша бахархой бу.
XS
SM
MD
LG