ТIекхочийла долу линкаш

Османан имперехь дуккха а эрмалой байар дагалоцуш ду Эрмалойчохь



1915-чу шарахь Османан имперехь алссам эрмалой байар дагалоцуш ду Эрмалойчохь. Ереванехь Iуьйранна дуьйна «Цицернакаберд» олучу дагалецаман хIолламна тIеоьхуш дара адамаш.

Цигахь зезагийн кочарш дехкира Эрмалойн куьйгалхоша а. Оршотан дийнахь Ереванехь Iаьржа духаран марше гулвеллера масийтта эзар стаг. Цара ягийра Туркойн пачхьалкхан байракх.

Хьалхара дуьненера тIом боьдуш Османан имперехь алссам эрмалой байар геноцид лоруш ю цхьайолчу пачхьалкхашкахь. Амма Туркойчоьно геноцид хилар бакъ деш дац, хилларг дукха чолхе чулацам болуш хIума дара, бохуш.
XS
SM
MD
LG