ТIекхочийла долу линкаш

Младичана тIехь кхел йолалур ю ХIаагехь Стигалкъекъа-беттан 16-чу дийнахь


ХIаагерачу дуьненаюкъарчу трибунало шина денна тIаьхьатеттина Боснерачу сербийн армин буьйранчина Младич Раткона тIехь кхел яр. ХIинца и процесс дIайолалур йолуш ю тIебогIучу беттан 16-чу дийнахь.

Шинарийн дийнахь хиллачу кхеташонехь Младичан адвокато юха а дехар дира цу процессана кечдала кхин а 3 бутт хан ло шайна, аьлла. Младич Ратко бехке веш ву геноцид ярна а, кхин долу а тIеман зуламаш дарна а.

Царна юкъахь ду 1995-чу шарахь Сребренице олучу гIалахь эзарнаш бусулба нах байар а, Боснин коьрта гIала Сараево, 11 эзар ах эзар стаг а вуьш, кхаа шарахь гонехь латтор а.
XS
SM
MD
LG