ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоь заррат герз дан хIуттур яц, аьлла, хета Израилера инарлана



ГIажарийчоь зарратан герз дан хIуттур яц, аьлла, дIахьедар дина Израилан Армин Инарла штабан куьйгалхочо Ганц Беннис, «Гаарец» олучу шайн газетана интервью луш.

Цунна хетарехь, ГIажарийчоьнан лидеро аятолла Хаменеис хIинца а кхоччуш сацам ца бина, зарратан герз дарх лаьцна. Израилан инарло дийцарехь, гергарчу хенахь хуур ду аьтто бера бу я бац дуьненаюкъараллан ГIажарийчоьне шен зартан программа машаран новкъа яккхийта.

Ганц Беннис чIагIдарехь, ГIажарийчоьнан зарратан объекташ тохарш ловр долуш яц, уьш кхачам боллуш бомбанех ларйина ца хилар бахьана долуш.
XS
SM
MD
LG