ТIекхочийла долу линкаш

Европера дипломаташ юхабоьрзуш бу Белорусе



Кху шеран Чиллан-баттахь Белорусера дIабахана болу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн векалш юха бахка буьйлабелла Минске. Чехера а, Швецера а, Эстонера а дипломаташ а, цу пачхьалкхашкара векалш а юхаберза дагахь бу Минске кху къирнах.

Европерачу пачхьалкхийн дипломаташ дIабахара Белорусера цигарчу Iедалша Польшин векал а, Евробертан миссин куьйгалхо а махках ваккхар бахьана долуш. Евроберто санкциш кхайкхийнера Белорусина дуьхьал, цигахь адамийн бакъонаш талхош ю, аьлла. Цунна реза доцучу Белорусин Iедалша махках ваьккхинера ши векал.

ЦултIаьхьа Евробертан кхечу пачхьалкхаша цIа кхайкхира Минскера шайн векалш. Ткъа хIинца уьш юхаберзар доьзна хила мегаш ду кху беттан 15-чу дийнахь Белорусин президентан харжамашкахь кандидат хилла волу Санников Андрей а, цуьнан накъост Бондаренко Дмитрий а набахтера дIахецарца.
XS
SM
MD
LG