ТIекхочийла долу линкаш

ХIинжа-гIалахь пхеа стага йиттина журналистана



ХIинжа-гIалахь тIелатар дина «Карара хан» цIе йолчу газетан цхьана декъан редактор волчу Гереев Русланна. Цу газетан редакторо Фатуллаев Милрада дийцарехь, журналистана етташ дакъа лаьцна 5 стага.

И тIелатар дина редакцина гена доццуш. Фатуллаевс дийцарехь, журналисте, цIе а йоккхуш, мохь тоьхна цхьамма. Такха, иза шайна тIе веача, цу наха йиттина цунна. Карарчу хенахь журналист шен цIахь ву.

Карара хан цIе йолчу газетан белхахошна хетарехь, Гереевна еттар доьзна ду уьш кхеро гIертарца.
XS
SM
MD
LG