ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

13 стаг ву Мисарахь президент хила лууш


Мисар-пачхьалкхехь хинболчу харжамашкахь дакъалоцур ду I3 стага. Цунах лаьцна тахана хаам бина оцу пачхьалкхарчу харжамийн лаккхарчу комиссино. Кхаарийдийнахь комиссин декъашхоша президентан харжамашкахь дакъа лаца бакъо елира Мисар-пачхьалкхан премьер-министр хиллачу Шафик Ахьмадна. Цунна новкъарло еш бара цхьаболу нах, Мубаракан Iедалехь болх бинчу хьакмашна харжамашкахь дакъалацар доьхкучу низамна тIе а тевжаш.
Президентан харжамашкахь дакъа лоцуш болчу кандидаташлахь ву «Бусулба вежарий» олучу партин векал Мурси Мухьаммад а, Iаьрбийн Пачхьалкхийн Лигин инарла секретарь Ιийна Мусса Амр а. Мисар-пачхьалкхан президентан харжамаш хир бу тIебогIучу беттан 23-чу а, 24-чу а деношкахь.
XS
SM
MD
LG