ТIекхочийла долу линкаш

Пакистано ша Ιамеркица берта гΙонъерг довзийтина


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн ОвхIанистанехь а, Пакистанехь а Леррина векал волу Гроссман Марк цхьаьнакхетта Исламабадехь Пакистанан гIашсалтийн эскаран штабан буьйранчаца Кайани Ашфаракаца. Цара дийцаре дина, Пакистанан территорех пайда а оьцуш, Iамеркан ОвхIанехь долчу эскаршна оьшург латторах дозу хаттар. Исламабадо Iамеркахошна кир дIасалелор дихкира стохка Лахьан-баттахь, Iамеркан тIеман кемано, гал а даьлла, 24 Пакистанан эскархо вийначулла тIаьхьа. Пакистан реза ю и дехкар юхадаккха, нагахь Iамерко официалан кепехь шаьш къинтΙера а даьхна, тIехь пилоташ боцчу кеманех пайда эцар сацадахь.
XS
SM
MD
LG