ТIекхочийла долу линкаш

БIаьрзен бакъонашларярхо ведда Китайра


ЦIахь лаьцна латтош хилла волу Китайра вевзаш волу бакъонашларярхо Гуанчен Чен ведда махкара. ПIераскан дийнахь цо Iора баьккхина Китайн премьер-министре Вэнь Цзябаога хьажийна болу шен видеокхайкхам.

Бакъонашларярхочунна хетарехь, цуьнан доьзалхошна еттар талла а деза, цуьнан гергарчу нехан кхерамазалла ларян а еза, коррупци лелийна болу, Iедалан белхахой жоьпе озо а беза. БIаьрзе волу адамийн бакъонашларярхо Чен шен цIахь лаьцна латтош вара 2010-чу шеран гурахь дуьйна.

ТIедогIучу кIирнах Пекине яха езаш ю, и стаг дIахеца, бохуш, мосуьйттоза кхайкхам бина йолу, Iамерки пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари.
XS
SM
MD
LG