ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчоьнан суьдо 19 шо хан тоьхна ГIалгIайчоьнан вахархочунна




Къилбаседа ХIирийчоьнан Лаккхарчу кхело,19 шо хан а тоьхна, чувоьллина ГIалгIайчоьнан вахархо Латыров Мохьмад. Иза бехке вина 2010-чу шарахь Буру-гIалахь базарахь, 19 стаг а вуьш, 200 сов лаза а веш, эккхийтар дарна.

Оьрсийчоьнан хаамийн агенталлаш дийцарехь, цу 19 шарах 5 шо Латыров набахтехь доккхур ду, йисина хан йоккхур ю чIагIйина раж йолчу колонехь.

Латыров воцург и зулам дарна чувоьллина ву кхин а 4 стаг.
XS
SM
MD
LG