ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Днепропетровскехь эккхийтарш динарг схьавуьйцург ахча кхайкхийна Iедалша




Днепропетровскехь лелхийтарш динарг мила ву дийцинчунна ши миллион гривна ахча лур ду шаьш, аьлла, дIакхайкхийна цу гIаларчу Iедалша. Цуьнах лаьцна хаам бина цигахь дIакъоьвлинчу рожехь кхеташо дIаяьхьначулла тIаьхьа Украини президенто Янукович Виктора.

ПIераскана дийнахь Днепропетровскехь 4 эккхийтар а дина лазийна 30 стаг. Церах лаххара а I0 бераш бу. Цкъачунна и лелхийтарш шаьш дина, аьлла, гучу ваьлла вац цхьа а стаг а, тоба а.
XS
SM
MD
LG