ТIекхочийла долу линкаш

Ленинградехь тIом бинчу нохчийн сий дийра ду Петарбухехь



ШолгIа Дуьненера тIом боьдуш Ленинград ларйеш тIемаш динчу нохчашна дагалецаман пилта хIоттор йолуш ю Петарбухехь. Цуьнах лаьцна хаам бина Къилбаседа-Малхбузерачу федералан гонехь йолчу Нохчийчоьнан векалаллехь.

Цу векалаллан куьйгалхочьунна когаметто Гнатченко Вадима дийцарехь, цу хьокъехь болу барт бина Нохчийчоьнан а, Петарбухан а Iедалша. Пилта схьайеллар хир долуш ду Гезгамашин-баттахь.
XS
SM
MD
LG