ТIекхочийла долу линкаш

Машаран дийцаршна юкъаозо беза тIалибаш




ОвхIан-пачхьалкхехь машар балур бац, меттигерачу тIалибаша машаран дийцаршкахь дакъа ца лацахь, аьлла, дIахьедар дина Iамеркан Пакистанехь волчу векло Мантер Кэмерона.

Цунна хетарехь, шайн проблемаш шаьш дIаяха езаш ю офхIанхоша. Цхьанатоьхначу Штатаийн а, Пакистанан а декхар маслаIат деш накъосталла дар бен дац, аьлла, хета дипломатана.

Кху деношкахь тIалибийн а, ОвхIан-пачхьалкхан Iедалийн а дийцарш меттах да[а гIерташ ю Вашингтон. Иза доьзна ду Iамеркийн дукхах долу эскарш 2014-чу шарахь цу махкара ара дохуш хиларца.
XS
SM
MD
LG