ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь дIахьур йолчу Европан Футболан Чемпионате боьлхуш бац Европан лидерш


Европан Комиссин президентан Жозе Мануэл Баррозун зорбан-секретаро бахарехь, 2012-чу шарахь Украинехь дIахьур йолчу футболан чемпионате ваха дагахь вац Баррозу. Цуьнан бахьана ду, чуйоьллина латточу Украинин премьер-министр хиллачу Тимошенко Юлиян набахтин хьелаша дуьненаюкъараллин гIаттийна сингаттам. И хьал тодаре кхайкхина Киев Брюссело.

Хьалхуо дуьйцуш дара, оццу бахьанца, Германин канцлеро Меркел Ангелас шен министршка ала тарло, футболан матчаш дIахьучу хенахь, Украине ма гIо. Изза бахьана ду, Чехин президенто Клаус Вацлава а, карабогIучу баттахь Юккъерчу Европан лидерша ГIирмехь дIахьур долчу цхьанакхетаре ваха реза ца хиларан.
7 шо хан а тоьхна чохь латточу Тимошенко Юлияс дIахьедар дина даханчу кIирнах, набахтин гIаролхоша йиттина шена, аьлла. Цул сов, ша мацалла кхайкхийна а боху цо.
XS
SM
MD
LG