ТIекхочийла долу линкаш

Швейцарин набахтехь кхин а соцур ву Чагаев Булат


Швейцари -- "Ксамакс" футболан тобан долахо хилла волу Чагаев Булат Невшателехь матч йолаялале хьалха, 27ГIа2011

Швейцари -- "Ксамакс" футболан тобан долахо хилла волу Чагаев Булат Невшателехь матч йолаялале хьалха, 27ГIа2011

Дечкен-баттахь дуьйна Швейцарерчу набахтехь ву нохчийн совдегар, "Ксамакс" футболан клубан долахо хилла волу Чагаев Булат. Цигарчу Iедалхоша иза бехке во, ша эцначу футболан клубан ахчанашца бозбуанчаллаш лелорна.Чагаев Боулат Охан-бутт чекхболуш набахтера дIахоьцур ву аьлла вара. Амма иза кхин дIа а лаьцна вуьтуш сацам тIеэцна Швейцарин прокуратуро.

Швейцарин набахтехь кхин а соцур ву Чагаев Булат


Охан-беттан 30 набахтера ара вала везаш вара Чагаев Буолат. Женеверчу набахтера иза араваларе хьоьжуш, гулбелла меттигера журналисташ а, ткъа иштта Чагаевс Ксамакс футболан клуб эцчахьана а цу хIуманна реза боцуш хилла а, «Чагаев куьйгана цIена воцу стаг ву, цуо вайн футбол хIаллакьйийр ю» бохуш, дуьхьалонан акцеш дIакхехьна болчу жигархойх масех стаг а вара. Бакъду церан массеран а юхаберза дийзира. ХIунда аьлча Чагаев Болат кхин дIа а набахтехь латто сацам бина меттигерчу кхело. Мел кIезга а аьхкан Товбеца-бутт чекх баллалц маьрша волуьйтур волуш вац иза.

Чагаев Болатан седа Швейцарин футболан лакхенехь гучубалар а, иза кхин хье ца луш божар а цхьана шарана чохь нисделира. Цкъа хьалха хIинцалца схьа шуьйрачу юкъараллин кхин хIара аьлла вевзаш ца хилла волу и стаг дийнахь а, буса а аьлча санна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна уллера дIа ца волуш, телевизионашкахь ган волавелира Нохчийчоьнан бахархошна.

Мичара ваьлла а ца хууш, цхьа цIеххьана Кадыровн уггаре а гергарчу накъосташна юккъехь нисвелира иза, даима а иштта хилча санна. Иза цу кепара гучуваьлчахьана дIадоладелира «Терек» футбол клубехь дуьненчохь цIеяххана болу футболхой гучубийлар а, «Терек» клубан коьрта тренер голландхо Гуллит Рууд хIоттор а, Соьлжа-гIала доттагIаллин матч ловзон Марадона коьртехь а волуш гIарабевлла болчу футболан седарчийн тоба яр а. Ша Чагаевс гуттар а чIагIдора, ша Кадыровн доттагIа а, нанас ца вина ваша а ву бохург. Бакъду, и ирсе зама дукха еха ца лаьттира.

Массо а цецвоккхуш Швейцарера цхьана жимчу Невшатель гIалара Ксамакс цIе йолу футболан клуб а эцна, Нохчийчура дIа къайла ваьлла волчу Чагаев Буолатана тIаьхьа тайп-тайпана эладиттанаш даржа доладелира. Цуо Терек футбола клубан ахчанаш диина бохуш дуьйцура, Кадыров Рамзанца шен долчу доттагIаллех пайда а эцна, цуо шех тешийна долу рицкъанаш лечкъийна бохуш а хезара.

Ткъа Нохчийчоьнан спортан министр волчу Алханов Хайдара, цу доллучунна а тIе мухIар тухуш санна, интервью елира журналисташка, Чагаев Нохчийчура тешнабехкаца къайлаваьлла волу, куьйгана цIена воцу бозбуанча а, жоьлга а ву, иза Кадыров Рамзанан доттагIа я ваша муххале а вац, аьлла.

Цу муьрехь Швейцарехь а гIуллакхаш дела денна тишлуш дара Чагаевн. Аьлча а, цуо эцначу Ксамакс цIе йолчу футбол клубан дара-кх. Совдегаро цкъа хьалха клубан куьйгаллера масех стаг дIаваьккхира, шен накъост волу Сатуев Ислам цу куьйгалле а хIоттош. Цул тIаьхьа масех футболхо а цIа хьажийра.

ГIовгIане хилира иштта Чагаев Ксамаксан цIе «Ксамакс Вайнах» бохучуьнца хийца гIерта боху хаам а, Чагаевс футболхошна кхерамаш туьйсу, рогIерчу ловзарехь цара толам ца баккхахь, цуо ша уьш бойъур бу аьлла, боху хаамаш а.

Эххар а совдегаро Нью-Йоркан Банкан кехаташца бозбуанчаллаш лелийна, шен долахь доцу ахча ду моттийтархьама бохург гIарадаьлча Швейцарерачу полицин собар кхачийначух тера дара. Дечкен баттахь Чагаевн долахьарчу масех фирмехь а, ткъа иштта Ксамаксан офисашкахь а лехамаш бира Iедалхоша, ткъа ша Чагаев, лаьцна, набахте хьажийра.

ХIетахь дуьйна чувоьллина латтош волу Чагаев аравакха гIерташ къахоьгуш бу цуьнан адвокаташ. Амма цхьаболчу тергамхошна хетарехь, Чагаевна шена кхерамазох хир дара, иза Швейцарерчу набахтехь мел ву. ХIунда аьлча, нагахь санна иза ша мукъаваьлчу дийнахь сихонца Швейцарера дIа ца водахь, иза Iедалхоша нуцкъаха Оьрсийчу дIахьажон там бу, цуьнан виза чекхяьлла хилар бахьана долуш. Ткъа Оьрсийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а цунна церг ирйина Iаш шортта нах болчу тера ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG