ТIекхочийла долу линкаш

Зорбанан маьршонан рейтингехь 197 меттигехь ю Оьрсийчоь


Зорбанан маьршонан рейтингехь 197 пачхьалкхана юкъахь 172 меттиг яьккхина Оьрсийчоьно. И тайпа хьесапдина Iамеркера йозуш йоцчу Freedom House организацино.

Рапорто бахарехь Оьрсийчура хаамийн гIирсашна биллина тIеIаткъам беш бу Iедалш. Ткъа цо, шен агIора, политикан конкуренци дIайоккху. Коьртачу декъана, къоман телевизионах хьакхалуш ду иза. Уггар кIезиг бакъонаш Къилбаседа Корерйа журналистийн бен яц, боху организацино.
XS
SM
MD
LG