ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бин Ладен Iусама вийна шо кхаьчна


Ал-Кхайдин лидер бин Ладен Iусама вийна шо даьллачул тIаьхьа дегайовхо алсамъяьккхинера, ОвхIанера Исламистийн дуьхьалонан болам охьатаIон. Европан Бертан Кабулехь волчу векало Усаскас Вигаудаса билгадаьккхира ша Ройтерс агенталле къамел деш, «Цхьанатоьхначу Штатийн а, Талибанан а дагадовларш соцунгIа хилла хилар. Машаран процесс, ма-моттара атта хIума дац», аьлла.

Цхьанатоьхначу Штаташа Пакистанехь леррина операци дIа а яьхьна, бин Ладен вийна шо кхочуш, юкъараллехь дIадаьхьначу хеттарша гойту, дукхах йолчу пачхьалкхашкахь Ал-Кхайде иза емалъеш хьежар.
XS
SM
MD
LG