ТIекхочийла долу линкаш

Кабулехь динчу шина эккхийтарехь 6 стаг велла


Кабулехь тахана динчу шина эккхийтарехь велла, мел лаххара а 6 стаг. Эккхийтарх цхьаъ, вала араваьлла хиллачу стага дина ду. Цхьанатоьхначу Штатийн президент Обама Барак Кабулера дIавахана масех сахьт даьллачул тIаьхьа хиллачу цу тIелатарх долу жоьпалла шайна тIелаьцна тIалибаша.

ОвхIанан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министро Седикъ Седикъа бечу хаамца, Джелалабаде боьдучу шуьйрачу новкъахь эккхийтина ю вала арваьллачу стаган шен машен. Министран хьесапехь, дуьненаюкъарчу организацийн а, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин а петарш йолу меттиг хилла тIелатаран Iалашо.

ОвхIанхойн полицина тIе а тевжаш Reuters агенталло дийцарехь, беллачарна юкъахь цхьа гIаролхо а, пхиъ маьрша стаг а ву. Чевнаш йинарш а бу.

Кхаарин дийнахь вистхуьлуш Iамеркан президенто Обама Барака элира, тIалибийн коьртачу ницкъашна доккха зе дина. Амма варе дира, керла тIелатарш а хила тарло, аьлла.
XS
SM
MD
LG