ТIекхочийла долу линкаш

Дипломатан статусах пайда эца йиш яц Стросс-Кан Доминикан


Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондан куьйгалхо хиллачу Стросс-Кан Доминикан йиш хир яц дипломатан статусах пайда а эцна, Sofitel хьешан хIусаман цIаноярхочу бинчу латкъамца догIучу таIзарх хьалхвала. И тайпа сацам тIеэцна шинарин дийнахь Нью-Йоркерчу кхело. Кхелахочо бахарехь, латкъам чулучу хенахь Стросс-Кан Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондан куьйгалхо вацара.
XS
SM
MD
LG