ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайхо-диссидент Чэнь Гуанчэн дIавахана Iамеркан векалаллера


ЦIахь чувоьллинчера вада а ведда, 6 де хьалха Iамеркан Китайра векаллелхь дIалечкъина хилла бIаьрзе китайхо-диссидент Чэнь Гуанчэн дIавахана цигара. Китайн Iедалша чIагIдарехь, векаллера дIавахр цуьнан шен лаам бара.

Цхьанатоьхначу Штатийн векало дийцарехь, Чэнь Пекинерчу цхьана дарбан цIийнехь ву. Шен гергарчарца ган йиш йолуш а ву.
Диссидентан агIончаша хьалхуо хаам бинера, шена а, шен доьзална а кхерамазалла хуьлуьйтур елахь, диссидент Китайхь виса лууш вара, аьлла.

Тахана Iуьйранна Пекине яхана Iамеркан пачхьалкхан секретар ХIиллари Клинтон. Пiераскан дийнахь цигахь схьаеллалучу Iамеркан а, китайн а стратегин а, экономикан а форуман гIантдайх цхьаъ хир ю иза. Хьажархойн хьесапехь, Чэнян кхолламца доьзначу дагадовларшкахь дакъа лаца там бу Клинтона.
Диссидент Iамеркан векалалле витарна, шаьш къинтIера дахар тIедиллинера Китайн Iедалша Вошингтонна.
Диъ шо набахтехь даьккхина волу Чэнь шен цIахь латтош вара, Iедалш тIе а хьовсуш. Берах болчу Китайра зударийн нуьцкъала бераш дIадахарна а, царна кхин бер ца хуьлуьйту операцеш ярна а дуьхьала хиларца вевзаш ву Чэнь.
XS
SM
MD
LG