ТIекхочийла долу линкаш

Хашеми ТIарекъана тIехь кхел йолийна БагIдадехь


Лечкъаш лелачу Иракъан вице-президент хиллачу Хашеми ТIарекъана тIехь, иза а воцуш, кхел йолаелла БагIдадехь. Хашеми бехке веш ву шен гIаролхошца цхьаьна цо 6 кхелахо верна.
Шен агIора, суннит волчу Хашемис керстабина массо а бехкаш, Иракъан Iедалехь алссам гулбеллачу шиIаташа шена хIуьттаренна тIекхоьллина хIума ду иза, аьлла.
Даханчу шеран Гуран баттахь дуьххьара кховдийра Хашемига и тайпа бехкаш. Iамеркан эскарш пачхьалкхера арадевллачул тIаьхьа политикан кризис иккхинчул тIаьхьа. Хашемин суннийн блока бойкот ян йолийнера шиIатийн алсам болчу парламента на, Iедалан а болх.
XS
SM
MD
LG