ТIекхочийла долу линкаш

Телевизионан дебаташ дIаяьхьна Францин президентан кандидаташа Олланда а, Саркозис а


ХIокху кIиран дийнахь президентан харжамийн шолгIа мур хир бу Францехь. Иза тIекхачале телевизионан дебаташкахь дакъа лаьцна шина кандидато социалисто Олланд Франсуас а, хIинцалерчу Францин президенто Саркози Николяс.

Жигара дIадаьхьначу къамелехь шина а кандидато вовшашна тIе бехкаш дехкира. Олланда Саркози бехке вира 10 проценте а кхаьчна, белхан меттигаш жимъяларна а, пачхьалкхан декхар алсамдаларна а.
Саркозис, иза шен боцу бехк буьллуш ву аьлла, ша Олланд бехке веш къамел дира, цо кховдийначу экономика кхиоран программица цуьнга пачхьалкх кризисах хьалха яккхалур яц, аьлла.
XS
SM
MD
LG