ТIекхочийла долу линкаш

Либерин экс-президентана Тэйлор Чарлзана 80 шо дехна прокурораша


Либерин президент лаьттинчу Тэйлор Чарлзана тIехь ХIаагехь дIахьучу кхелехь, еарин дийнахь цунна набахтехь даккха 80 дехна прокурораша. Кхечу зуламашца цхьаьна иза бехке веш ву Сьерра-Леонехь (1991-2002 шерашкахь) махкахойн тIом боьдучу хенахь тIеман зуламаш дарна а.

Даханчу кIирнах Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин тIеман зуламашкахула йолчу Трибунало 64 шо долу Тэйлор бехке вина, Сьерра-Леонехь дуккха а тIеман зуламаш динчу гIаттамхошна гIо дарна. Карарчу беттан тIаьххьарчу деношкахь кхел кхайкхор ю цунна.
XS
SM
MD
LG