ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама Барака харжамийн кампани йолийна тахана ОхIайо а, Вирджиния а штаташкахь


Итт шарахь ОвхIан махкахь тIемаш бинчул тIаьхьа, къоман дIахIоттарна тIе юха а карлабаьккхина тидам бахийта аьлла дIахьедар дина Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака. ХIора кIирнах, шоьтан дийнахь ша дечу къамелехь, ОхIайо а, Вирджини а штаташка харжамийн кампани дIаяхьа новкъа валале цо дагабайитира ша ОвхIане хьастагIа бина некъ. Цу мехкан президентца Карзай Хьамидца ша куьг таIийна накъосталлин стратегин барт а,

Ал-Кхайдин лидер бин Ладен Iусама вийна шо кхачар билгалдаккхар а.
«ОвхIанера тIом юххьабаьлла. ТIалибийн коьрта ницкъаш аьтта вай. Ондда овхIанхойн кхерамазаллин ницкъаш кхоьллина вай. Ал-Кхайдин куьйгалла хIаллакьдина вай», элира Обамас.

Тахана ОхIайо а, Вирджиния а штаташкахь президентан харжамийн кампани йолош ю Обама Барака. Оцу шина а штатехь гайтина жамIаш, хIокху шеран Лахьан-баттахь хир болчу харжамашкахь иза шолгIа президент хIуттур ву-вац бохучунна жоп хила тарло боху, политикан аналисташа.
XS
SM
MD
LG