ТIекхочийла долу линкаш

80 шо хьалха йиллина Урдунера нохчийн хьалхара центр


Урдун, "Сако" юкъараллин декъашхой, 2012

Урдун, "Сако" юкъараллин декъашхой, 2012

Масех нохчийн културан а, дешаран а кхерч ю тахана Урдунехь меттигерчу нохчаша йиллина. Цхьанненгара хуьлуш гIо а доцуш, шайн ницкъаца нохчийн гуламаш дIабахьа а, дика-вуон дерзо а, ненан мотт хьеха а гIерта цигара юкъаралла.

1932-гIа шарахь дуьххьарлера юкъара болх a, нохчийн кхиоран гIуллакхаш а дан буьйлабелира Урдунера нохчий, Кавказ цIарах клуб хIоттийна Сувела гIалахь. Кавказ клуб йолийнарг, ДегIастнара гIаш Урдуне баьхкинчу нохчех волу Бено Идрис Султан вара.

Юьхьанца, клуб спортан яхьаллаш дIакхехьа ца хIоттийнера, иза нохчашна деша-яздан а нохчийн Iилманан тIегIа лекха яккха хIоттийнера, хIетте, тIаьхьа спортан къовсамашкахь дукха гIаръяллера Кавказан клуб. Бено Идрисан йоьIан-йоIа Бено Поллас дуьйцу шайн ненан дех лаьцна.

Бено Полла: Дера сан ненан да дика стаг а, хьекъал долуш стаг ма вара, цо ойла йина, клуб дага а еана, ваха ваьхна Iедале аьлла массо кечам бинера. Официала, цу кехаташ кечдиначула тIаьхьа, вайн баккхий нах реза бацара.

Маршо радио: Цо юьхьанца хIунда йиллира клуб?

Урдун - Дуьххьара нохчийн културин а, дешаран а центр йиллина волу Бено Идрис

Урдун - Дуьххьара нохчийн културин а, дешаран а центр йиллина волу Бено Идрис

Бено Полла: Вай нохчашна пайда хилийта, деша а яздан Iама меттиг хилийта. Цу школехь деша хIокху махкахь цхьа масех министр хилира. Дадас йиллира и, амма дIахIотточу хенахь, дукха къахьийгира цо.

Маршо радио: ХIунда? Iедал дуьхьала дара?

Бено Полла: Iедало бохуш хIума дацара. Iедал реза дара. Цо дан дезарг дора, ткъа вайн баккхий нах, - Идрис вайн берашна кофур Iамадан волу, царна географи Iама деш, Iедале боьлхе,- тхуна хьашт яц, сацае и олий, дохош хилла школа еллара. Цо юха а ведий хIан-хIа олий, ша дийра ду и гIуллакх олий юха а ден еш, иштта хала дина гIуллакх ду-кх цо иза.

Маршо радио: Школехь хIун хьарам хеташ бара вайн баккхий нах?

Бено Полла: Оцу хенахь кхетам тоъал ца хилла-кх. Географи Iамаяр кофур ма даций. Царна моьттуш хилла-кх и. Латта горга ду ала мегаш ца хилла, латта хьийзаш ду ала мегаш ца хилла. ХIинца долу Iилма ма дацарий. Амма Дадин хьекъал хьалха дара, шен заман ала дукха хьалха дара. Цундела шайн хирг дира, къа хьийриг и хIотта ен гIерташ, тIаьххьара Урдунехь гIаръелла клуб хилира цунах. ХIинца и йолу 80 шо хула. Суелехь йолийна ер иза. Цу хенахь, Суелехь дукха нохчийн бара. Дуьххьара нохчаша йолийна юьрта ю Суеле. ТIаьхьа, Заркъехь хилира иза. Идрис эскарехь опицер вар. ТIаьххьалца, дика хьалавелира, инарла а хилира и. Цу хенахь инарла хила дукха хан езаш хIума дара.

Маршо радио: ХIинца йолуш ю-кх Кавкваз клуб?

Бено Полла: ХIинца йолуш ю, дIа лелаш ю. Вайн кегийрхош, цхьаьццамо тIелоций цуьнан гIуллакх деш ду. ТIаьххара суна ала лаьа Дад Идрис Султан суна дукха везаш стаг вар, Дала гечдойла цунна.

Маршо радио: Бено Идриc, хIара мехкаш ингалсан олаллехь болчу заманахь, Игалсан эскарехь опицер вара. Урдунан мохк маьрша баьлча, Iаьрбийн эскарехь опицерийн къепехь, 68-гI полковник вара.
1957 шарахь нохчийн гIоьналлин юкъаралла хIоттийра Урдунера нохчаша. ТIаьххьаралера 10 шарахь иза бен яцара нохчийн гIуллакхашна дола деш.
Амма 10 шо хьалха дина сов йийла йолаелира и юкъараллаш. Тахана нохчийн-Урдунин културан а, нохчийн фольклоран а, зударийн гIоьналлин а, юкъараллаш ю Урдунан Iедалехь дIаязйина. Нохчийн цIарах йоцуш нохчийн гIуллакхаш дан тIаьххьара хIоттийна юкъаралла, "Сако" аьлла ю. Сако Мухьмад хIара къамел дира Маршо радиога.

Сако: ДIадахначу шарахь, 2011 шарахь Iедало бакъо елла дIадоладелир-кх тхо.

Маршо радио: "Сако" юкъаралла олу-кх аша цунах. Фамили цIарах йиллина аша и?

Сако: Фамили цIарах ю, тайпанан цIарах яц и. Сако фамили ю.

Маршо радио: Мухьмад, хIун Iалашо йолуш йолийна аша?

Сако: Дуьххьара, хIара вайн кегийрхойн охьаховша меттиг а, вовшашца гулбала а, вовшашна тIекхача меттиг хилийта. ШолгIа, валар а висар хуьл, зуда ялош иштта меттигаш еза вайна. ХIокху Йорданехь кадам бар а кхин долчунна меттигаш йоцуш гIелделла-кх вай, цуьнан хир яра аьлла. КхолгIа, ахчанна тIехь вовшашна гIо дара хир дара, ахчанаш гулдан а, иштта ду.

Маршо радио: мича меттахь ю юкъаралла?

Сако: Сувеле деган юккъехь ю-кх. ДIадахначу шарахь оха дика гIуллакх дира, компьютеран курс йира, Къоръан Iамош кегийрхошна меттиг йиллира.

Маршо радио: Нохчийн мотт хьоьхуш курсаш юй?

Сако: Цкъа хIинццалц йиллина яц. Заркъехь вайн кегийрхошна Iамадеш дара. Вайн молланаш нохчийн йоза хууш кIезиг бу. ХIинццала цхьаъ лоьхуш ду и Iамадан.

Маршо радио: Харж хьан латтош ю?

Сако: Юккъе баьхкинчаьра луш дерг ду цкъа хIинццалц, иза а дукха хIумма яц, амма Сако фамилис чIагIйина ю-кх иза.

Мехаза до гIуллакх гена дIа ца доьду. Нохчийн фольклора дIагайтиралла а, нохчийн бовзийтаралла, дуьненан тIехь буйла хаийтиралла кхин башха даккхийра жамIаш ца хула цу жигараллийн. Иштта гIуллакхаш гуттаренна леладан яккхийн харжаш а бюджет оьшу. Ткъа хIинцалц иза хилла яц.
XS
SM
MD
LG