ТIекхочийла долу линкаш

Президентан харжамаш бу тахана Францехь


Мехкан лакхара дарж къовсуш ву социалист Олланд Франсуа а, карарчу хенахь Францин президент волу Саркози Николя а.

1988-чу шарахь дуьйна дуьххьара толам баккха меа социалистийн кандидато.

Харжамийн хьалхарчу муьрехь Олланд Франсуагахьа 28,6 процент кхаьжнаш теснера. Саркозигахьа 26,2 бен ца теснера.
Харжамийн кампанин коьрта хаттарш дара пачхьалкхера экономикан кризисца а, белхан меттигаш ца хиларца а доьзна.

Францин коьртачу декъехь а, Корсикехь а lуьйранна 8 даьлча сарахь 6 даллалц йиллина хир ю харжамийн каппаш. Яккхий гlаланашкахь кхин а ши сахьт тlаьхьа дlакъовлур ю.

Президентан харжамашна тlаьххье, марсхьокху баттахь парламентан харжамаш дlахьур бу Францехь.
XS
SM
MD
LG