ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровс балхара вохийна Москох «Европеский» туьканна уллехь иккхинчу девнехь дакъа лаьцначу зудчуьн хIусамда – шен Iедалан векал


Нохчийн республикин цIарах Оьрсийчохь леррина векалан когаметта волу Мингаев Тамерлан балхара дIаваьккхина шоьтан дийнахь. «Аса тахана балхара вохийна Мингаев. Цуьнан хIусамнанна Мингаева Мадинина лела ца хаарца доьзна ду иза», аьлла дIахьежар дира Кадыровс Соьлж-гIалахь журналисташна хьалха вистхуьлуш.
Кремле узуш йолчу «Антихам» организацин жигархошца дов иккхинчул тIаьхьа «гIараяьллера» Мингаева. Машен юкъараллин транспортан новкъар дIа а яккхий, паркинге хIоттае аьлча, Мингаева дуьхьала яьллера. Оцу муьрехь, «Наши» олучу боламан декъех йолу «СтопХам» организацин декъашхой кехаташ летош бара, некъан бакъонаш а йохош, дIахIиттийначу машенашна тIе.

Телефонехула шен кIант кхайкхира Мингаевас. Шен доттагIашца схьакхаьчча цо буй-тIарий долийна. «СтопХаман» декъашхоша и ша дерриг видео тIе а даьккхина, интернетехь шуьйра дIасадаржийна. Цу тIехь гуш ю Мингаева Мадина, жигархошна кхерамаш туьйсуш: «Видео youtube тIехь гучуялахь, оззийна когаш схьабохур бу хьан, куьйгаш тIехь текхаш лелар ву хьо», бохуш.

Оццу хенахь, Кадыровс билгалдаьккхира, «некъан бакъонаш йохорна дуьхьало ян езарг полици ю. Цхьана кепара бакъдойла яц, харцонашца къийса арабевлла бохучу тобанаша машенлелорхой карзах бохуш, цаьргара маьттаза хIума даккха гIертар».
XS
SM
MD
LG