ТIекхочийла долу линкаш

Францера президентан харжамаш шайн чаккхенга боьрзуш бу


Президентан харжамийн шолгIа мур бу тахана Францехь. Официала хаамашца, делккъалц тесначу кхаьжнашкахь дакъа лаьцна 30 процент харжамхоша.
ТIаьххьара динчу хеттаршкахь билгалдаьлла Олланд Франсуа, карарчу хенахь
Францин президент волчу Саркози Николял а хьалха вуйла.

Охан-беттан 22-чу дийнахь Олландана 500 эзар сов кхаьжнаш теснера Саркозинчул а. Олланд – хийцамашкахьа ву. Экономика эвсара кхиаран Европан бертехь хийцамаш бан а, болх боцчерийн терахь лахдан а лууш ву иза.

Саркозин лозунг – «Онда Франци» ю. Иммиграцин бакъонаш гатъян а, «французийн Iер-дахар» лардан а къийсарехьа кхайкхамаш бина цо. Харжамийн хьалхара жамIаш, Соьлж-гIалара хенаца буса итт даьлча, Францехь кхаьжнийн каппаш дIа ма къевллина девзар ду.
XS
SM
MD
LG