ТIекхочийла долу линкаш

Президентан харжамийн шолгIа мур хила мега Сербехь


Президентан а, парламентан а, меттигера а харжамаш бара тахана Сербехь. Президентан дарж къовсуш 12 стаг вара. Амма коьрта къийсам,Европехьа хьоьжучу Тадич Борисна а, Милошевич Слободанан белхан накъост а, Оьрсийчоьнца уллера гергарло дезачу Николич Томиславна а юкъахь бу.

Схьагарехь, и харжамаш шина муьрехь дIахьур бу, ши кIира юкъа а долуьйтуш.
ХIокху карарчу баттахь Европан Бартана юкъаяха кандидатан статус елла Сербина. Хьалха шен пачхьалкх Европан Бертана юкъаяхарна духьала хилла волчу Никлоич Томислава Европина юкъадахарна гIртор йо. Амма билгалдоккху, и бахьанехь Косовох дIакъаста реза хила ца еза Серби, бохуш.
XS
SM
MD
LG