ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Миллионийн маршехь" полицино лаьцна Удальцов а, Навальный а


«Миллионийн марш» дIаяьхьира тахана Москох оьрсийн оппозицино. Тайп-тайпанчу хьостанийн хьесапехь, иттаннаш эзарнаш нах гулбеллера цига. Делахь а, полицино церан терахь 8 эзар бен дац элира. Нехан карахь тайп-тайпана йозанаш дара: «Оьрсийчоь Путин воцуш!», «Тхан бакъо ю!» иштта дIа кхин а.

Путин Владимир юха а оьрсийн президентан дарже хIуттуш инаугураци тIекхача де хьалха йинера и акци.

Iедалша вуно чIогIа лакхадаьккхинера кхерамазаллин раж ларъярца доьзна гIуллакх. Оппозицин лидерш Удальцов Сергей а, Навальный Алексей а лаьцна, марш а еш, Кремл йолчу агIора ваха гIертарна. Бисинчарга цIа бахар а доьхуш, дуьхьала бевллачарна тIе бIаьрех хи долуьйту газ лелийра оьрсийн полицино.
Оьрсийн къоман фронтерчу Путинан агIончаша Поклонная гу тIехь шайн акци дIаяьхьира.
XS
SM
MD
LG