ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин керла президент хаьржина социалист Олланд Франсуа


Официала хаамашца, толам баьккхина социалистийн кандидато Олланд Франсуас. Цуьнгахьа тесна кхаьжнаш 52 процент бу.
Карарчу хенахь Францин президент волчу Саркози Николяна 48 процент кхаьжнаш тесна.

Олланд – хийцамашкахьа ву. Экономика эвсара кхиаран Европан бертехь хийцамаш бан а, болх боцерийн терахь лахдан а лууш ву иза.
Саркозин лозунг – «Онда Францехьа» яра. Иммиграцин бакъонаш гатъян а, «французийн Iер-дахар» лардан а лардарехьа кхайкхамаш бина цо.
XS
SM
MD
LG