ТIекхочийла долу линкаш

Мохк бегийна Азербайджанехь



Ιуьйранна, 9 сахьт дала 20 минот йолуш (Москохарчу хенаца), мохк бегийна Азербайджанерчу Закаталан кIоштахь. Рихтеран барамца 5,5 балл хилла цуьнан ницкъ. Цул тΙаьхьа шозза а хааделла цигахь лестарш. Церан чΙогΙалла 4,5-ий, 4,2-ий балл яра, хаам бина Азербайджанан сейсмологин хьукматан пресс-секретара Гусейнова Вуьсаляс. Херцарш, нехан баларш хааделла дац.

XS
SM
MD
LG