ТIекхочийла долу линкаш

ТΙалибашца луьра хилар доьху Пакистане



Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Клинтон Хилларис Пакистан кхойкху тΙалибашца латтабен къийсам жигара баккхаре. И цо дΙахьедина шен шина денна леринчу Индерчу визитехь. Пакистанан Ιедало дерриг а дан деза, шен латта тΙера зулам ца даржадайтархьама, элира Клинтона Индин арахьарчу гΙуллакхийн министрца Кришница Нью-Делехь хиллачу цхьанакхетарехь. Клинтона далийначу терахьаша гойту, тΙалибийн карах Пакистанехь 30 эзар вахархо велла хилар.
XS
SM
MD
LG