ТIекхочийла долу линкаш

ТΙеман дурс гайтаме даьккхира Кремло



Сийлахь-Боккха халкъан тΙом ша олучу дуьненаюкъарчу шолгΙачу тΙамехь баьккхина толам базбеш яра Оьрсийчоь а, хьалха Советан пачхьалкхан декъахь хилла мехкаш а. ТΙаьххьарчу шерашкахь а ца хиллачу кепара боккха тΙеман гайтам дΙабаьхьна Москох ЦΙечу майданахь, хьалхаваьлла тΙеман министран метта волу Сердюков Анатолий а, инарла-полковник Герасимов Валерий а волуш. Гайтамехь дакъалецира керлачу президента Путин Владимира а, хΙинцца премьер-министран дарже ваьллачу Медведев Дмитрийс а. « Тергам боллуш дуьненаюкъара низамаш лардаро а, пачхьалкхан суверените ларам баро а коьрта бух кхуллу тΙом санна йолу трагеди ца хилийта», - элира цигахь Путина. Гайтаме даьхна дара дуккха а деза герзаш, шайлахь континентера континенте кхача таро йолу Тополь-М ракеташ а, ракеташна дуьхьало ен С-400 системаш а йолуш.

XS
SM
MD
LG