ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена дарба дайта реза хилла Тимошенко



Украинехь, ша кхобучу Харьков-гΙаларчу набахтера дарбан цΙийне йигина 7 шо хан тоьхна йолу, хьалха премьер-министр лаьттина Тимошенко Юлия. Цо мацалла лаьцна ду кхолагΙа кΙира. Оцо къаргйина цуьнца хьалха а хилла цамгарш. Тимошенко дарбан цΙийне кхачош цуьнца хиллачу лоьрийн тобанехь вара Германера веъна лор Хармс Лутц а. Юьхьанца молха лелон а реза хилла йоцу зуда резайина оцу лоьрашка шена дарбадайта.
Украина Тимошенкоца тΙех кΙиза хилар буха а дуьллуш, Европера куьйгалхой юхабевлла цигахь дΙаяхьа йиллинчу саммите бахарх. Оцу бахьанехь Украинин 1алашонера юхабаккха дезна и барам.

XS
SM
MD
LG