ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун бахьана ду Нохчийчура доьзалш дукха бохаран?


Нохчийчоь -- Соьлж-гIалара нохчийн коьрта маьждиг, 27ГIу2010
Нохчийчоь -- Соьлж-гIалара нохчийн коьрта маьждиг, 27ГIу2010

Доьзалшкахь барт бар маьIне а лерина, девнаш дерзоран комиссеш кхоьллина Нохчийчура диндайша. Цара шайн тидаме эцнарш бу дIасакъаста гергга болу я дIасакъаьстинчул тIаьхьа берашна тIехула барт ца карош болу доьзалш. ХIун бахьана ду Нохчийчохь сел дукха доьзалш бохаран? Цхьаболчарна хетарехь, бехха лаьттинчу тIемаша дукха хIума хийцина дерриг къоман дахарехь. Вукхара бахарехь, несан дахарехь марсхой тIех жигара хьийзаро бохабо доьзал. Боккъал а хIоьттина хьал къастон а, муфтиятин комиссийн балхах а лаьцна Нохчийчоьнан муфтин когаметтаца Хетиев Ансарца къамел дира Умарова Аминас.

ХIунда буху доьзалш? Дуьненаюкъахь дечу хьесапо гойту, ах доьзалш бухуш хилар. Уггар а дукха зудий-майрий дIасакъаьстачу пачхьалкхех хьалхара ю Оьрсийчоь. 80% доьзалш буху цигахь. Цхьаннена а къайле яц Нохчийчохь а дукха доьзалш, кхоллабелла а бовлале, бухуш хилар.
И сурт шен тидаме а эцна Нохчийчура Динан Урхалло леррина комиссеш кхоьллина, барт баран белхаш дIакхехьа. Оцу комиссешкахь болх бечех цхьах ву Нохчийчоьнан муфтин когаметта Хетиев Ансар. Муфтиято шена тIе и дукъ лацаран хIун бахьана дара, дийца аьлла дехар дира цуьнга Маршо радионо.

Хетиев Ансар: «Вайна ма-хаъара Нохчийчохь кхолладелла хьал ишта ду. Ши шо хьалха паччахьо вайна тIе декхар диллинера мархийн баттахь. Къомана юкъахь вер-ваккхарш ду. ГIаланаш тоярх, некъаш дахкарх, тIеш тахкарх, дарбан-цIийнаш дахкарх, юкъахь барт ца хилча вай дахалур дац, аьлла.
ПIелгаш тIехь ягаръял бен йоцурш - нах цIахь боцуш йиснарш йоцурш - чIираш дIаерзийна оха.

Юха паччахьо тхо цхьана а тоьхна, дешначу наха, Iелам наха, дикачу наха а, оьвлаяийн тIаьхьенах болчу наха а безарш вовшах къастар, нанна бер ца гойтуш, нанас дехошна бер ца гойтуш, цхьа а бе бехк-бахьана доцуш дIасакъасстина болу доьзалш; марнаноша, маьрйижарша я марвежарша битина болу несарий - хIусамдена а, хIусамнанна а мегаш доллушехь - юха цхьанатоха ницкъ кхачахь - цхьанатоьхна, оцу Iалашонций, паччахьо тIедиллинчу бахьанций муфтис комисси кхоьллина, ша гIантда хIоьттина, кIоштера къеданаш, юьртара имамаш, туркхаш, тхьамданаш а цхьана а тоьхна, дIахьуш болх бу вай».

Маршо радио: Дукха хьолахь хIун девнаш хуьлу доьзалшкахь? Стенна тIера доладелла хуьлу уьш?

Ансар Хетиев: «Деллахь, де а бахьана доцуш долалуш девнаш ду уьш. Марнана несана реза ца хуьлуш, я маьрйижарий реза цу хуьлий я марвежарий реза ца хуьлуш – дукха хьолахь и бахьана долy девнаш ду. ХIусамда а, хIусамнана а вовше реза доллушехь, къастийна меттигаш дукха йогIу. Царах къаьсттина, уггар а дукха доьзалш вовша къаьстина меттигаш къаьрка маларца йоьзна ю. Дела реза воцуш волу хуманаш леладар бахьана долуш я зударийн «ревность» бахьана долуш. Дукхах долу бахьанаш ишттаниш карадо тхуна».

Жима зуда ю Нохчийчура коьрта маьждигехь
Жима зуда ю Нохчийчура коьрта маьждигехь
Маршо радио: Дов дерзор муха хуьлу? Цуьнан массо а декъашхошка – маьрйише а, марнене а, оцу зудчуьнга ладугIу аша?

Хетиев Ансар: "Бакъдерг аьлча, зударшца къамел дан хала хуьлу. ХIунда аьлча, цара шайн хьекъале хаьаьжжина бен къамел ца до. Шаьш дуьйцуш дерг боккъалла а цхьана хIума ду моьттуш, цхьа а тера-мера хIума ца дуьйцу. Динехь а, дахарна а пайде доцу къамелаш до цара.

Оха беран денда велахь цуьнца къамел до оха, да велахь, цуьнца до. Уьш боцчу меттехь зударшца къамел ца дича а ца довлу. Дукха меттигашкахь зударий коьрта карабо тхуна. Эладитта хуьлу дIаалар, схьаалар. Эладитта бахьана долуш гIуллакх галдаьлла меттигаш карайо тхуна дукха хьолахь. ХIусамда ша аьлларг дош долуш хилча и тхан чекх а долу, дIа а доьду, иза нисло.

«Ша дош ло шуна, ша аьллачунна тIехь чекхвер ву» олий, тхо дIа а дохуьйтий, гойтур ду бер аьллашехь иза ца гойтуш, шаьш аьллачунна техь чекхь ца бовлуш а хуьлу".

Маршо радио: Зударшка аша ла ца догIар стенца доьзна ду?

Хетиев Ансар: «Гой хьуна, зударшка ахьа къамел дан долийча, цара хьал а, охьа а шайниг дуьйцу. Вайна ма-хаъара, зударийн хьекъал, шайна дуьхьала нисделларг дIадийцар бен ма ца хуьлий. Церан (къамелан) тIаьхьало ца хуьлу.

Нагахь санна ша зуда дIаяхийтинехь – марнана хуьлу иза я маьрйиша, оцу дIаяхийтинчу зудчунна сий мел доцурш ша-ша ала гIерташ хуьлу уьш.

Царна ца го, церан хьекъале а ца догIу оцу хьалакхуьучу шайн кIентан я вешин беран нанна дуьйцуш дуйла. Шайн доьзална оцу къамелах эшам буй ца хаьа царна. Кхана Iуьйрре, лулахоша, юьртахоша, нийсархоша оцу шайна берана «хьажахь, хьан нана ишта яра хьуна, вуьшта яра хьуна; хьан дедас и бахара, хьан денанас важа бахара» аьлла, ша кхиош долчу шен кIентан берана тIехтухур дуй ца хаьа царна. Цара дуьйцуш долу и массо вуон хIума стенна тIедогIу аьлча, шайн берана дуьйцу цара иза. ЙоI йоккха хилча ду, «цуьнан нана муха яра те, гIуллакх дика деш яра те, тIах-аьлла яра те? Нахаца гIиллакх долуш яра те, яцара те» аьлла, цуьнан ненан гIиллакхашка хьовсур бу. Шайн кIентан йоIана, шайн вешин йоIана шаьш вуониг дуьйций ца хаьа царна. Шайн ала дерг а, доцург а, мега дерг а доцург а, нийса дерг а, доцург а, шайга дIалала делчхьана, дуьйцу».

Маршо радио: Масала, ишта хьал ду доьзалехь. Майра балхахь вац, молуш ву, берийн дола ца до, кхетош-кхиорехь дакъа ца лоцу. Зуда балхахь ю, чохь-уьйтIахь а, берашца а ларойо. Майрачуо цунна етта. И тайпа доьзалш хIумма а кIезга бац Нохчийчохь, церан девнашкахула аша бина сацамаш муха хуьлу?

Хетиев Ансар: «Тхуна и тайпа ситуацеш дукха Iиттало. Къаьрка молуш волу стаг цхьана а кепара цо дина къамел – къамел дац, цуьнан дош – дош дац.
Стагана ша зуда ялочу хенахь хIун хаа деза? Шен доьзал хир буй хаа деза цунна. И доьзал дуьненна чу баьлча, ша и кхаба безий хаа деза, напха латтон дезий хаа деза, шен доьзал дIатарбан безий хаа деза цунна.

Маршо радио: Оьрсийчура доьзалш бохаран статистике хьаьжча, зудий-майрий дIасакъастаран коьртачу бахьанех шолгIаниг ду, майра молуш хилар. Цхьаверг, зуда ялале дуьйна а маларх кхеташ хилла. Вуьйш, зуда а ялийна, цхьа хан яьллачул тIаьхьа. Шен агIора, цуьнан цхьа бахьана хуьлу. Цундела, зудабер сема хила деза шен тIехьийзачу кIантца. Цо шена дуккха а хаттар хIиттийна, царна жоьпаш лаха деза, элира Хетиевс.

Хетиев Ансар: «Вайна цхьа хIума хаа деза. И зуда дуьххьара шен цIентера, да-нана долчу меттера араялале, ша йоьдуш йолуш йолу меттиг талла еза. И стаг къаьркъа молуш ву те? Бусулба дин лелош ву те, вац те, олий, цуьнга хьожуш Iадат дац вайн. 3 сом а, тIехаа машен хилчхьана маре до вайн Iоарша. Цунах хIун хуьлу? Майрачуо къаьркъа молу, шен зудчунна коча а гIерта. Доьзал белахь, доьзал аракхуьйсу цо. Дала хьарам дина хIума ду къаьркъа малар. И хьарам хIума лелош волчу стага – къаьркъа Дала а, Пайхамара ма мала бохуш доллушехь – харц лер бе а болх ца хета цунна, шен доьзал бохор а болх ца хета цунна. Цуьнгахь яхь яц къонахалла яц, доьналла а дац. Оцу стаге хьан дийца хIумма а ца хуьлу».

Маршо радио: Молуш цIийнда чохь волчу хIусамера дов муха дерзадо аша?

Хетиев Ансар: «Деллахь, хьала а, охьа а доьзал а, нана а вовшахтоха Iалашо хуьлу тхан. Молуш вара аьлла, цуьнгара дIабаьаккхича, хьала а, охьа а ца молуш ца Iаш верг юха ма ца воьрзий. И нана шен берашца хилийтархьмма цхьа таро йой, цхьа бахьана дой, гIуллакхаш луьстуш дукха меттигаш яьхкина тхуна.

«ХIара къаьркаъ молуш ву, хIокхуо дуьйцург хIумма а дац, хьо (берийн нана) хьайн цIаяха еза» аьлла иза дIахьажийча, я да а воцуш, я нана а йоцуш ма дуьсий и бераш.

Оцу берийн къинна и стаг къаьркъа волуш велахь а, цуьнга «ма мала, иза хьарам дина ду хьуна. Хьайн доьзална напха лаха, хьайн доьзал кхаба, хьайн доьзална дола де» бохуш, хьера-м до оха. Царна тIехь таIзар дан а, уьш чубохка а, царах лета а ницкъ бац тхан, бакъдерг аьлча.
Нааааггахь, бIеннашна юкъахь цхьаъ нисло оха бина хьехам дIа а лоций, цунах (маларх) юхаволуш верг а нисло».

Маршо радио: Статистико боху: дIасакъаьстинчу доьзалех 40% эха шарахь бен вовше бевзаш ца хиллера.
Цундела, йоI маре яхале, иза йолчара дикка талла беза цуьнан тIехьийзачу кIентан бух. Зуда ялон кечлуш берш, йоьIан доьзалехь дерг къастон арабовла беза аьлла хета Хетиев Ансарана.

Хетиев Ансар: "Дала а, Пайхамара а хIун боху аьлча, йоI маре яхале, кIанта зуда ялале дIанехьарчуьнан а, сехьарчуьнан а да-нана хаза ара а даьлла, захало вовшашца догIуш ду-дац хьажа боху. Ткъа вайн зудаберо хIун до аьлча, и кIант шена хазвелчхьана, шен дега а, нене а ца хоуьйту. ХIинца-м, Делан къинхетамца вайе паччхьахьо указани (омар делла) елла, йоI шен цIахь там-мах бина, яккха еза ссправка а яьккхина (могуш хиларан тоьшалла), захало дан деза. Таханчул а кхана, кханачул а кхана Iийча толуш дIагIур ду хIара, Дала мукълахь. ДIанисдан гIерташ а ду вай. И бахьана ду вай хIара дIанисдан гIертар а.

ЙоIа шен нене дIаала деза хьенех ву захало хьехош, «йола бохуш», аьлла. Цунах дахар хир дуй те? Молуш ву те? Вац те? Цуьнан да-нана хIун тайпа нах бу те? Нахаца тарлуш бу те? Я нахана зуламе бевлла бу те аьлла, кIентан да-нана а хьажа деза, йоьIан да-нана а хьажа деза. Ден-ненан хьакъ ду иза".

Маршо радио: Юкъахь бераш а долуш, доьзал боьхча, ден а, ненан а декхарш муха къастош ду? Нахана хьалха шаьш бераш кхобуш ду, ахча-хIума а латтайо бохуш, къамелаш до дайша а, дехоша а. КIорге хьаьжча, гIо а дац, хам бац.
Ишттачух а шаьш Iиттало, амма тIедиллинарг кхочушдайтар шайн карахь дац, хьехамаш бар бен, элира Нохчийчоьнан муфтин когаметто.

Хетиев Ансар: "Оцу дена шен доьзал кхабар гIазот ду. Хакъ ша дерриг а оцу дена тIехь ду. И доьзал дIасакъаьсташ хилча, (бераш) нене кхабийтахь я дега кхабийтахь, доьзал кхетаме баллалц – бер ненах декхаш делахь, декхачуьра иза даллалц, нене кхабийта боху шарIо. I3 бахьана, шарIан бехкам бу цуьнца. Оцу I3 бехкамца хила деза иза, доьзал кхобуш ерг нана елахь а, да велахь а. Оцу бехкамашна юкъахь уггар а коьртаниг хета суна, ала дашна, да я нана тесакхаллин чохь делахь. Ала дашна, тесакхаллин чохь бохург, ламаз деш, бохург ду. Да я нана ламаз деш дацахь, цаьрга бераш ма кхабийта боху шарIо.

Доьзал дIа а къаьстина, доьзал нене кхабийта барт хилла церан, масала. Доьзал ден бу. Амма доьзал ненах хьегабе ца боху шарIо. Аса и кхобуш белахь а, ненах доьзал ма хадабе, боху шарIо.

Кхабарна тIедаьлча, оцу нанас доьзал кхобуш белахь, оцу (доьзалан) дена тIехь хьакъ ду напха латтор. Оцу шен хиллачу хIусамнанас шен доьзал кхобуш белахь, даар, малар, тIедухар а, кога духар а латтор ду цо. Церан хьашташка хьажа везаш а ву и да.

Нагахь санна оцу (берийн) нанас и доьзал кхабарна шена ял еза бахахь – оцу дас шен хиллачу хIусамнене «хIорш кхабахь аьлла, дехар а дина, дIаделлехь – ял йоцуш цу нанас ша бераш кхобур дац бахахь, ял а лой, бераш кхабийта боху шарIо. «ХIоккхул хIума» охьадилла деза аьлла, шарIо балгал ца даьккхина".

Маршо радио: Хан ца хиларна, хIокху тIехь юкъахдоккху аса тхайн къамел. Амма иза чекхдолуш дац.

Доьзалш оццул дукха Нохчийчохь бухуш хиларо, гарехь, кхин а кIоргера проблемаш гучуйоху. Делахь а, уьш йийцар а, царна жоп лахар а тIе ца дуьту, уггар хьалха, нохчийн юкъаралло.

Масала, захало хилла даьллачул тIаьхьа, кIант маха тухуш я молуш хилла хилар гучудаьлча, оьгIаза оьху, «хIунда ца аьллера?», олий. Амма изза киртиг тIехIоьттича, шаьш а эр дацара «захало дохийча – къа ду» аьлла. Жоп муха хила деза?

Кхин цхьа хIума ду, Хетиевс дийцинчех, шена тIе тидам озош. Зудчуьн а, майрачуьн а юкъа марсхой – изза марнана а, маьрйиша а гIертар. Стенгахь ду, царшинна юкъагIерта магочуьн доза? Я оьший те?

Молуш волчу стеган а, зудчуьн а барт барна тIехь ду шаьш боху муфтин когаметто. Комисси хьала а гIаьттина дIаяхча, церан дахар муха нислур ду? Молуш волу стаг эхь-бехк долуш, я цхьаннах озалуш ца хилча, юха а, тIаккха а и дукъ зудчунна тIехь дуьсу – бераш, болх, чохь дерг а. Оьший те зудчо шен могашалла, синтем а бойуш, галваьлла стаг нисвеш хан яъйа? Берийн дуьхьа а? Берашна оьший молуш волу да? ХIун дика дийр ду цо царна?

Тхан ладогIархой, шуна хIун аьлла хета? Язде тхоьга. Шайна тхан программехь дакъа лаца лаахь телефон тоха я смс хабар даийта. Номер ишта ю - 10 42 07 24 01 98 32
XS
SM
MD
LG