ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн кема доьхна Индонезехь



Шайн лаьмнашкахь кхаарий дийнахь доьхначу «Сухой Супержет-100»-кеманца хиллачу нахах цхьа а дийна ца висина, аьлла, хаам бина Индонезин Ιедало. 2008-чу шарахь Оьрсийчохь динчу, шен таронаш талла стигал даккхинчу оцу кеман чохь хилла 50 гергга стаг, шайлахь Индонезин а , Оьрсийчоьнан а дипломаташ а, журналисташ а, ша кеман эцархой а болуш. Казахстанехь а, Пакистанехь а, Мьянмехь а хилла, Джакарте кхаьчча доьхна кема.
XS
SM
MD
LG