ТIекхочийла долу линкаш

Еврокхелехь тоьлла салтичун нана



Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело веллачу салтичун ненан латкъам теллина цунна товчу агΙор. Иштта Путинцева Светланина Оьрсийчоь 45 эзар евро ахча дала декхаре йина кхело. 2002-чу шарахь Путинцев Валерийс, низам а талхош, дитинера ша гΙуллакх ден шен тΙеман дакъа. Кхо де даьлча лаьцнера иза, амма вада гΙерташ вара, аьлла, лаьцначу меттехь тапча тоьхна вийнера сержанто. Оьрсийчоьнан кхело бехказа ваьккхинера сержант.
XS
SM
MD
LG