ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веха ца «летта» эпсар бусулбанех



Ιаьмеркан эскарийн урхаллийн цхьанаьтоьхначу комитетан куьйгалхочо
инарлас Демпси Мартина емал дина эскарш Ιамочу курсашкахь исламца шуьйрра тΙом дΙабахьар хьехна хилар.

Лаккхара эпсарш кечбечу Виржиния штатерчу Норфолкан колледжехь дΙахьочу курсашкахь Iамош хилла бусулба нахана дуьхьал тΙом бан. Студентех оцу Ιаморашкахь «дуьхьалонан болам» беш, сурт кхуллуш хилла хьехархоша. Курсийн жоьпаллин инструктор подполковник Дулей Матью хьехархочун балхах вохийна цо бусулба нах иштта мостагΙийн могΙара бахкарна. ХΙинца и саннарг кхечу колледжашкахь хилла ду, я дац толлуш ю Ιаьмиркан эскарийн урхалла.
XS
SM
MD
LG