ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу хьолана сагатдо дуьнено



Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин цΙарах инарла секретара Ги Мун Пана а, Кхерамзаллин Кхеташоно а шаьш сингаттаме хилар хаийтина Шемин шахьарахь Демаьшкахь еарий дийнахь динчу лелхийтаршна.

Шемарчу Ιедалан хаамийн гΙирсаша хаам барехь, иккхинарг ву вала араваьлла ши стаг. Лелхийтаршкахь велла 55 стаг, лазийна – 370. Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъаралло а, Ιаьрбан мехкийн Лигано а машар бийца векал винчу Аннан Кофис барте кхойкху Шемара Ιедал а, цунна дуьхьал лаьтта тобанаш а. Евробарто а, Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а емал йо вовшийн а, маьршачу бахархойн а цΙий Ιенош йолу агΙонаш. Цкъачунна Демаьшкахь динчу зуламан бехк шена тΙе ца эцна цхьаммо а.
XS
SM
MD
LG