ТIекхочийла долу линкаш

«Ал-Нусра» ю Шемахь лелхийтарш динарг



Хьалха евзаш хилла а йоцчу бусулба нехан тобано шена тΙеэцна, кху беттан 10-чохь Шемин коьрта шахьарахь 55 стаг а вуьйш, Демаьшкахь дина лелхийтарш. Аль-Нусра шех олучу оцу тобано, боху, ша иза дина Шемарчу Асад Башаран режимо маьрша бахархой бехачу шахьаран куьпана хьалхо динчу тΙелатарна бекхам беш.

Евзаш хилла йоцу террорхойн Аль-Наст тоба Ал-Кхайдин декъара хила а тарло, аьлла хета малхбалерчу агенталлашна.

Демаьшкахь лелхийтарш дира дуьненаюкъарчу хьукматашца цхьана бухарчу Ιедалан а, Шемарчу гΙаттамхойн а тΙемаш совцо бина барт а болуш. Шо сов хьалха Шемахь дуьйладеллачу тΙематасадаларша, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино хьесап дарехь, дΙадаьхьна лаххара исс эзар вахархочун са.
XS
SM
MD
LG