ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Толлуш бу Индонезехь хилла бохам



Индонезин шахьарахь иккхинчу оьрсаша дина кеман чохь хиллачийн декъеш чохь долу дуьххьара галеш кхаьчна оцу пачхьалкхан шахьара Джакарте шоьтан дийнахь. Талламаш бийр болуш бу декъеш тΙехь. Царех дуьзина ду 16 гали.

«Супер Джет-100» кеман чохь хилла массо а 45 стаг велла ларалуш ву и кема, цуьнан башхалла гойтучу хенахь, ломах а кхетта иккхинчул тΙаьхьа. Беллачех дукхахберш меттигера хьаькамаш а, журналисташ а бу. Царалахь ву 8 оьрси, 2 италхо, Францин а, Ιаьмеркан а цхьацца вахархо а. Кема дохаран бахьана цкъачунна теллина даьлла дац. Ткъа оьрсийн агΙоно дΙахьедина, ша кема лелоран низам мел талхийна толлуш ю, аьлла.
XS
SM
MD
LG