ТIекхочийла долу линкаш

Тимошенкон агΙо лоцуш гулам хилла Киевехь



Украинан шахьарахь Киевехь шоьтан дийнахь хΙоьттира ворхΙ шо хан тоьхна йолу Тимошенко Юлия набахтера дΙахеца еза, аьлла хетачу нехам гулам. Цигахь Тимошенкон йоΙа Евгенияс дΙадийшира шен нанас нахе бакъонашкахьа къийсар а, президентна Янукович Викторна импичмент кхайкхаяйтар а доьхуш даийтина кехат.

ПΙераскан дийнахь Литуван президента Грибаускайте Даляс дΙакхайкхийра, Украина Тимошенко Юлияна гΙелоярца шеца Европа эгΙош ю, аьлла. Иза оццу дийнахь хилла ша Тимошенко карарчу хенахь чохь йолчу Харьков-гΙаларчу дарбан цΙийнехь а.
XS
SM
MD
LG