ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мирзаевн дов талларан хан яхъйина



Москохахь таламаш дΙахьош лаьцна волчу дуьнен спортан чемпионна дагестанхочунна Мирзаев Расулна набахти чохь кхабаран хан шина баттана яхъяр дехна девнан талламчаша. Цуьнан дов хатта кечлуш ду Ιедал.

Талламехь ду цо шо хьалха девнехь Москохара вахархо Агафонов Иван вийна хила тарлуш хилар. ХΙинца шозлагΙа яхъеш ю цунна набахтехь кхабаран раж. Ткъа велла Агафонов цо тохар бахьана долуш я кхечу бахьанийца велла, хΙинца а къастийна ялаза ю лоьрийн экспертиза.
XS
SM
MD
LG