ТIекхочийла долу линкаш

ТΙемало лаьцна Соьлж-ГΙалахь



Соьлж-ГΙалахь рогΙера 32 шо долу меттигера вахархо лаьцна, и тΙемало хилла, аьлла. Цо кхузза дакъалаьцна Соьлж-ГΙалахь а, Ильиновски-юьртахь а полицин белхахошна тΙелетарехь, билгалдоккху Ιедалан белхахоша. Даима а санна, полицино цΙе ца йоккху лаьцначун, иза таллам дΙабахьа новкъарло еш ду, бохуш. Кхушеран кхаа бетта чохь иштта лаьцна Нохчийчохь 21 стаг.
XS
SM
MD
LG