ТIекхочийла долу линкаш

Некъахьовзам баьлла Ставропол-махкахь



Ставропол-махкахь 4 бер делла, 18 лазийна некъахь хаьрцинчу автобус чохь. Хьовзам хилла кΙирандийнан делкъехь Пятигорскний, Ессентукиний юккъехь лаьттачу Иноземцево юьртахь. ГΙебарта-Балкхаройчуьра садаIа бераш эцна йоьду ПАЗ- автобус кхетта кхечу МАН автобусна тΙе, цул тΙаьхьа 5 метр кΙоргачу Ιин чу йоьжна. Деллачу берийн 8-10 шераш хилла.

Ши де хьалха боккха некъахьовзам хилира Къилбаседа ХΙирийчохь а. Нах лелабе такси а, «Жигули»-машен вовшах а кхетта, велира 3, лазийра иттех стаг.

XS
SM
MD
LG