ТIекхочийла долу линкаш

Хьенан ю "Кадыровн рема"?



Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхочо Кадыров Рамзана рогΙера деклараци чуелла шен бахамах лаьцна. 4 миллион сов оьккхуш ду, боху цо, шен шеран алапа, кхин тΙедогΙуш ахча а доцуш. Иштта хаам бо ИТАР-ТАСС агенталло. 36 метрх лаьтта петар бен а яц Кадыровн.

Бакъду, зудчун Меднин петар ю 209 метр, цуьнца ду шина йоьΙан – Ιайшатан а, Каринин а дакъош а. Ткъа Меднина мел ахча кхочу, хьахийна дац. «Ведомости» - газета цецдуьйлу декларацехь КадыровгΙеран ЦΙоьнтарара хΙусамаш хьехош а яцарх. Кхеташ дац, боху газето, хьанна тΙе язйъеш ю Кадыров Рамзанан ю бохуш массанхьа а юьйцу механа тΙех еза машенаш а, хΙораннах а долларшкахь миллионаш доьху говрийн рема а.

XS
SM
MD
LG