ТIекхочийла долу линкаш

Машарбархо вийна Кабулехь



ОвхΙанистанерчу Машаран кхеташонан куьйгалхошлахь хилла Рахьмани Арсала вийна Кабулехь кΙирандийнахь. И вер дузу тΙалибашний, Ιедалний юкъахь машар хΙотторна дуьхьалболчу нахаца. Полицино тоьшалла дарехь, шен машенахь араваьллачохь, цΙенна гена доццуш, герзаш тоьхна цунна. Махко лоруш болчу нахах вара, ша а хьалха тΙалибийн могΙаршкахь а хилла, царех дΙа а къаьстина, Карзайн Ιедалехь дешаран министран гΙовс а, парламентан депутат а Ιийна волу Рахьмани Арсала.

XS
SM
MD
LG