ТIекхочийла долу линкаш

Йохк-эцаран барт лоьху лулахоша



Китай, Япони, Къилба Корея кечлуш ю вовшашна юкъара йохкьэцаран некъаш маьрша баха. Иза дΙахьедина церан куьйгалхоша Пекинехь хиллачу цхьанакхетарехь. Дуьне экономикан кризисехь хилар юхьара а оьцуш, вовшашца гергарлонаш чΙагΙдан догΙу, элира Китайн премьер-министра Цзябао Вэна кΙирандийнахь.

Ала догΙу, оцу кхаа пачхьалкхан долахь ду дуьненан экономиках пхоьалгΙа дакъа. Лаххара а 20 процент ду церан сурсаташ дуьненан экспортехь а. Ткъа политика бахьана долуш, хΙинццалц аьтто ца баьлла Китайнний, Японинний, Къилба Кореянний вовшашна юкъара йохкьэцарана дозанаш дΙадаха.

XS
SM
MD
LG