ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а 122 кIошт шайн Iуналле эцна овхIанхоша


Дуьненаюкъарчу коалицин эскаршкара ОвхIанерачу ницкъашка кхерамазалла ларяр дIадаларан кхолагIа мур дIабирзина цу махкахь даханчу КIирандийнахь. И хаам реза хиларца тIеэцна Iамеркан президенто Обама Барака. КхолагIа мур дIахьуш ОфхIанерачу ницкъаша шайн жоьпалле эцна кхин а 122 кIошт. Цу кепара, цара Iуналла деш ю ОфхIан-пачхьалкхара 75 процент бахахрхой дIатарбелла йолу территори. Цу хааманна комментари еш, Обамас билгалдаьккхира цу махкахь шаьш хIиттийначу Iалашонашна тIекхача кхин а цхьа мехала гIулч яьккхина, аьлла. Иза хьакхалуш ду 2014-гIа шо чекхдолуш НАТО-н эскарш цигара арадахарх а. ЦултIаьхьа ОвхIан-пачхьалкхарчу хьолана жоьпаллехь хир ю меттигера кхерамазаллан структурийн тобанаш.
XS
SM
MD
LG